Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьненан мехкийн куьйгалхошкара хьекъал дІа а оьций, уьш некъаш доцучу аренгахула буьйлабелла лоьлуьйту Цо. ХІунда лечкъайо Ахь сох Хьайн юьхь, хІунда лору Ахь со Хьайн мостагІа? Хьайн юьхь тхох къайла хІунда яьккхина те Ахь? Тхо баланехь а, Іазапехь а хилар диц хІунда дина те Ахь? «Массо а ханна дІатеттина те со Хьалдолчу Эло, кхин цкъа а резахир вуй те Иза? Веза Эла, мел дахлур ду те Хьан оьгІазвахар, Хьан эмгаралла, цІе санна, йогуш мел лаьттар ю те? Веза Эла, со хІунда дІатоьтту Ахь? Сох хІунда йоху Ахьа Хьайн юьхь къайла? Паччахьан сийлалла а цуьнгара схьаяьккхи Ахьа, цуьнан паччахьан гІант а лаьтта охьадожий Ахьа. Амма шун харцонаша шуна а, шун Далла а юккъе херо ялийтина. Аша летийначу къиноша Цуьнан юьхь шуьгахьара дІаерзийтина, ткъа цу бахьаненна Цунна шу ца хеза! Веза Эла, ас орца мел дохур ду те – Хьуна дІа а ца хезаш, ас цІогІа мел хьоькхур ду те – къизалла ечух Ахь кІелхьар а ца воккхуш?
Выбор основного перевода