Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Иштта динан дай а, левихой а, кхиболу нах а шайн-шайн гІаланашкахь баха охьахевшира. Царна юкъахь бара илланчаш а, Делан цІийнан кевнера гІаролхой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болу ялхой а. Ткъа Исраилан важа долу халкъ шайн-шайн гІаланашкахь даха охьахиира. Шеран ворхІалгІа бутт тІекхаьчча, Исраилан халкъ шайн гІаланашкахь даха охьахиинера. Уьш массо а Ярушалаймехь цхьаъ хилла вовшахкхийтира.
Выбор основного перевода