Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ерриг а мохь кхерча тІехь яго еза, бертан сагІа доккхуш мохь ягош ма-хиллара. Иштта динан дас куьйгалхочо латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цунна гечдийр ду. Нагахь санна шен уьстагІ бен таро яцахь, Везачу Элана лерина ши кхокха (я ши къоркхокха) гІуда санна бан беза цо, цхьа кхокха къинан сагІина, ткъа важа дагоран сагІа санна. Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тІехь яздина ма-хиллара, церан цІена хуьлу Іадатан хан тІекхаьчча, Марем а, Юсуп а, Іийса а эцна, Ярушалайме деара Иза Везачу Элана хьалха хІотто. ХІунда аьлча Везачу Эло товрат тІехь тІе-ма-диллара: «Муьлхха а дуьххьарлера боьрша бер Везачу Элана лерина хила деза». Цул сов, ши къоркхокха я ши кхокха, бен а бейтина, сагІа даккха дезара, Везачу Эло товратехь ма-аллара.
Выбор основного перевода