Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ХІума ца девзаш яьккхинчу ханна Дала бехке ца до шу, амма хІинца массо а адамашка, массанхьа а, лелийначунна дохко а довлий, Шена тІедерза аьлла, омра до Цо. ХІунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» – аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Іийсан юьхь тІехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама. Стом ца лучу боданечу гІуллакхашна юкъа ма гІерталаш, мелхо а, уьш гучудахалаш. Ткъа и дика вайна-м Дала леррина къобалвина Іийса, вай КІелхьардаьхнарг, кху дуьнен чу схьавеача, хІинцца бен ца гайтина Дала. Вайна тІехь долу Іожаллин олалла дохийна Іийсас. Ша дІакхайкхийнчу хазачу кхоэхула Іожалла ца хуьлу бакъдолу дахар стенца хуьлу гайтира Цо. ХІетте а аса яздийриг керла парз хета мега. Дала леррина Къобалвинчо а, аша а гойту иза бакъ хилар, хІунда аьлча бода дІаболу, ткъа билггал йолу серло хІинцале а къегаш ю.
Выбор основного перевода