Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Бацалиала акацин дечигах дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч бира. Иза беакІов бара, пхи дол беха а, пхи дол шуьйра а болуш, ткъа локхаллина кхо дол бара. ХІорш бу сагІа доккхучу кхерчан барамаш, цхьа шира доллий, цхьа шей цхьана даларан барам лерича. Кхерчана гонах саьнгар цхьа дол кІорга яра, шоралла а цхьа дол яра. Саьнгарна арахула хІоз бара, лакхалла цхьа ше а йолуш. Иштта бара сагІа доккхучу кхерчан бух.
Выбор основного перевода