Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІорказ чу Ас хьайга лун йолу экъанаш яхка, шуьца Ас бинчу бертан тоьшалла хилийтархьама. ТІорказ, четар кІел а даьхьна, хьалха шаршу а оьллина, дІакъевлира цо, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара. Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн вешига АхІароне дІаала, шена дага мел деанчу хенахь Делан четаран кирхьанна тІехьа йолчу уггар езачу меттиге ма гІо. Цигахь лаьттачу бартбаран тІорказан негІарна хьалха иза веача, АхІарон вала мега, хІунда аьлча къинош дІадахаран негІарна тІехула йолчу мархина юккъехь Со гучуволу. Дина, дІахІоттийнера деза четар. Цуьнан хьалхарчу, «еза чоь» олучу декъехь стогар а, даздина баьпкаш тІехь долу стол а яра. ШолгІачу декъехь кирхьанна тІехьа «уггар еза чоь» цІе йолу чоь яра.
Выбор основного перевода