Ша оччам оруш цунна тІе беза гІирс ма ца туху, ткъа цицашкахула цергаш йолу керчол ма ца хохку латталелорхочо. Оччам, гІаж а етташ, чкъоьргех дІакъестайо, ткъа цицашна тІе хьокха бен ца туху.
Пхьеро дашо пхьар иракарахІиттаво. ЖІаьвнаца болх бечо иракарахІиттаво нуьйжина тІехь тухуш верг. Латийначух боху: „Дика болх бина!“ Цо хьостамашца цІу чІагІво, иза охьа ца вожийта.