Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цаьрца берг адамийн ницкъ бу, ткъа вайца вайн Веза Дела ву, вайна гІо а деш, вайн дуьхьа тІом а беш волу». ТІаккха яхІудхойн паччахьан Хьузакх-ЯхІун дешнаша халкъ чІагІдира. ТІаккха Делан озо гІовгІа йо. Шен возаллин озаца Цо гІовгІа йо. Шен аз хезаш долчу хенахь стелахаьштигаш а ца сецадо Цо. Ницкъ болуш бу Хьан пхьарс, Хьан куьг ма онда ду, Хьан аьтту куьг толаме ду! Мичахь ву Мусана аьтту куьйгахь хила Шен исбаьхьа а, нуьцкъала а куьг дахийтинарг, халкъана хьалха хи дІасадекънарг, абаденналц Шен цІе гІараяккхархьама? Иштта боху Везачу Эло: «НеІалт хир ду, кхечу стагах а тешаш, цунах шена гІортор а йина, шен дог Везачу Элана уллора дІадаьккхина лелаш волчунна.
Выбор основного перевода