Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш латийначу къинна мах баларца беллачийн нойх лаьцна аьлча, уьш йоха а яй, шар а яй, царах йина юткъа экъанаш сагІа доккхучу кхерчана тІелаца, хІунда аьлча и нойш Везачу Элана хьалха еана яра, цундела уьш язйинера. Уьш Исраилан халкъана билгалонна хир ю“». Шуна юкъара Аса схьахаьржинчу стеган Іасано заза доккхур ду. Иштта сацор ю Аса исраилхоша шуна дуьхьал еш йолу хамталлаш». Хаза хьожа йогІу хІума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тІорказ а дара цу чохь. ТІорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегІа а, маргІалш хецна хилла йолу АхІаронан Іаса а, бартбаран экъанаш а яра.
Выбор основного перевода