Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхоьца чувоьллина гІаролан хьаькаман ялхо волу къона Іебархо вара. Оха цунна тхешан гІенаш дийцира, цо церан маьІна дира. ВорхІ дика етт а, ворхІ дика кан а – иза ворхІ шо ду. И ший а гІан цхьаннах лаьцна ду. Ткъа вукхарал тІаьхьа хьалабаьлла болу ворхІ гІийла а, ирча а етт а, ворхІ гІийла а, малхбалерчу мохо чахчийна кан а – иза ворхІ шо ду. Мацалла хІоьттина ворхІ шо. ХІара ду-кх и гІан! Дуьйцур вай паччахьна цуьнан маьІна а. Хьуна гина дитт сийлахь вазвина а, чІагІвелла а волу хьо, паччахь, ву. Хьан сийлалла, лакха а даьлла, стигалшка хьалакхаьчна. Хьан олалла дуьненан йисте кхаччалц ду.
Выбор основного перевода