Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«И хІун ду ахь тхуна динарг? – хаьттира Абу-Малика. – Масала, тхох цхьаъ хьан зудчух кхеттехь, тхо бехке хуьлуьйтур ма дара ахь». Хилларг шайна хиъча, Якъубан кІентий сихха арара цІа баьхкира. Уьш чІогІа оьгІазбахана бара, хІунда аьлча Исраилан тІаьхьенна юкъахь чІогІа эхье гІуллакх дара Шехема динарг, Якъубан йоІ а хьийзийна, ткъа и саннарг могуьйтийла дацара. «ХІокху наха хьуна хІун дина, сел чІогІа къа ахь кхаьрга латадайта?» – аьлла, хаьттира Мусас АхІароне. ЮшаІа элира: «Ахь тхуна бохам бина дела, Везачу Эло тахана бохам хьуна а бо». Берриг а исраилхоша, тІулгаш а кхиссина, Іахан а, цуьнан доьзал а хІаллакбира. Юха уьш а, церан бахам а цІергахь багийра цара.
Выбор основного перевода