Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Кхин а цІестан ши бІогІам бира Хьирама. ХІора бІогІаман лакхалла берхІитта дол, ткъа гобаьккхина йолу шоралла шийтта дол яра. ТІаккха лалийначу цІастанах дукха боккха яй бира Хьирама. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кІорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. Цо дуккха а эчиг кечдира кевнийн неІаршна оьшун долу хьостамий а, цу неІарийн кІажаш а дан. Иштта барам боцуш дукха цІаста а кечдира. ши бІогІам а, царна гонах таьжнийн ши го а, оцу таьжнийн суьрташ тІедехкина долчу бІогІамийн боххьехь бойнан ши сурт а. цІестан боккха яй, цунна бухара шийтта цІестан сту а, тесаш, белаш, мІерий, церан массо а кхиболу гІирс а бира цо. Сулим-паччахьан дехарца Хьирам-Аби-ЯхІус Везачу Элан цІенна мел йина хІума а заьнгала динчу цІастанах йинера.
Выбор основного перевода