Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цул тІаьхьа Дауда Везачу Эле хаттар дира: «ЯхІуд-махкарчу цхьана гІала гІой со?» Везачу Эло цунна жоп делира: «ГІо». ТІаккха Дауда юха а хаттар дира: «Мича гІо со?» Юха а Цо жоп делира: «Хьевроне гІо». Дауд цига дІавахара, шеца шен ши зуда а эцна: израІалхо йолу АхьнуІмат а, Набалх йисина йолу кармалхо АбигІал а. Дауда шеца болу нах а, церан доьзалш а дІабигира. Уьш Хьевронехь баха хевшира. ЯхІуд-махкарчу божарша, схьа а баьхкина, шайн цІенна тІехь паччахьалла дан къобалвира иза цунна тІе зайтдаьтта доттарца. Кестта Дауде хабар кхечира, ГалІадарчу Явешан бахархоша Шаул дІавоьллина аьлла. Дауда ГалІадарчу Явешан бахархой болчу шен геланчаш бахийтира хабар эцна: «Везачу Эло шу декъалдойла, шайн эла лаьттина волчу Шаулна, иза дІа а верзош, шу тешаме хиларна. ХІинца Веза Эла шуьца дика а, тешаме а хуьлда. Со а шуьца иштта дика хир ву, аша динарг бахьана долуш. Ткъа хІинца шу доьналла долуш а, майра а хила хьовса деза, хІунда аьлча шун эла хилла волу Шаул кхелхина, ткъа со ЯхІудан тайпано шена тІехь паччахь хила къобалвина». Амма Шаулан эскаран хьаькам волчу Неран кІанта Абунара, Шаулан кІант Иш-Бошат схьа а эцна, иза Махьанайме схьавалийра. Цо иза ГалІадана а, Ашурайна а, ИзраІална а, Эпраймана а, Бен-Яманан махкана а, берриг а Исраилан махкана а тІехь паччахь вина дІахІоттийра. Цу хенахь Шаулан кІентан Иш-Бошатан шовзткъа шо дара. Шина шарахь лаьттира иза, Исраил-махкана тІехь долу паччахьалла шен карахь а долуш. Даудана тІаьхьа ЯхІудан тІаьхье бен ца хІоьттира. ВорхІ шараххьий, ялх баттаххьий лаьттира Хьевронехь ЯхІудан тІаьхьенна тІехь Даудан паччахьалла. Неран кІант Абунар а, Шаулан кІентан Иш-Бошатан эскархой а, Махьанаймера ара а бевлла, ГавІон-гІала дІабахара. Даудан тІемалошца аравелира Царуятан кІант Йоаб а. Уьш ГавІонерачу Іома йистехь дуьхь-дуьхьал кхийтира. ТІемалойн цхьа тоба Іоман цхьана йисте охьахиира, ткъа важа вукху йисте хиира. Абунара Йоабе элира: «Кегий нах, хьала а гІиттабай, шайга хІун дало хьовсийта». Йоаба жоп делира: «Дика ду, хьалагІовттийта». Шаулан кІант волчу Иш-Бошатан агІонера шийтта бен-яманхо хьалагІаьттира. Царна дуьхьал Даудан шийтта эскархо а гІаьттира. Цара хІораммо а, вовшийн кортош схьа а лаьцна, агІонаш чу тур дахийтира. И кІентий цхьаьний охьаийгира. Цу меттиган цІе, ГавІонера Хьелкхат-ХІацурайм аьлла, тиллира (иза «таррийн аре» бохург ду). Цу дийнахь цара чІогІа тІом бира. Даудан эскархоша Абунар а, цуьнца хилла болу исраилхой а эшийра. Цигахь Царуятан кхо кІант вара: Йоаба, Абушай, ІасахІал. ІасахІал, акха сай санна, чехка вадалуш вара. Иза Абунарна тІаьхьавелира, цуьнан лорана тІера я аьтту, я аьрру агІор а ца волуш. Абунара, юха а хьаьжна, цуьнга элира: «Хьо вуй иза, ІасахІал?» Вукхо жоп делира: «Со ву». ТІаккха Абунара ІасахІале элира: «Аьтту я аьрру агІор а таІий, хьайна цхьа жима стаг схьа а харжий, иза вен а вей, цуьнан герз схьаэца». Амма ІасахІална ца лиира цунна тІаьхьара дІавала. Абунара юха а цуьнга элира: «ДІавала суна тІаьхьара, ма вейта соьга хьо. Со муха гІур ву хьан вешина Йоабана дуьхьал?» Амма важа цунна тІаьхьара ца волура. ТІаккха Абунара, юха а вирзина, цунна хьажийна, шен гоьмукъ Іоьттира, иза, цуьнан гайх чекх а баьлла, букъах арабелира. ІасахІал цигахь, охьа а воьжна, велира. Иза веллачу меттигна уллохула тІехволуш мел верг цигахь соцура. ІасахІалан ши ваша Йоаббий, Абушай Абунарна тІаьхьавелира. Малх чубузуш бара, и шиъ Гихьана дуьххьал болчу, ГавІонерачу яьссачу аренга боьдучу новкъахула Іуьллуш болчу, Аьми олучу гу тІе кхаьчча. Бен-яманхой, Абунарна гонах а бевлла, шайх цхьа тоба а йина, вукху гунан буьххье дІахІиттира. Абунара Йоабе мохь туьйхира: «Массо а хенахь летар дуй те вай вовшех? Хьуна ца хаьа, хІокху хІуманан тІаьхье балане хир юйла? Маца эр ду ахь хьайца болчаьрга, шайн вежаршна тІаьхьадовлий ма лела?» Йоаба элира: «Дийна волчу Делах чІагІо йо ас: ахьа иштта ца аьллехьара, сан эскархой кханалера Іуьйре тІекхаччалц шайн вежаршна тІаьхьабевлла лелар ма бара». Эццахь Йоаба коьман маІа лекхира. Адам исраилхошна тІаьхьадаьлла лелачуьра сецира. ТІом дІабелира. Абунар а, цуьнца болу нах а буьйсанна Йордан-хин тогІехула дІаихира. Уьш, Йордан-хил дехьа а бевлла, шолгІачу дийнахь а новкъахь бара. ТІаьххьара а уьш Махьанайме схьакхечира.
Выбор основного перевода